Шоьтан де, 12.10.2024, 04:10
Марша вог1ийла (йог1ийла) Гость | RSS

Йоккха Атаг1а (Старые Атаги)

[ Керла дешнаш(Новые сообщения) · Декъашхой(Участники) · Низам(Правила форума) · Кара де(Поиск) · RSS ]
  • Страница 1 из 1
  • 1
Дош
isa-muslimДата: Шинарин де, 02.11.2010, 10:42 | Сообщение # 1
admin
Группа: Администратор
Сообщений: 453
Репутация: 4
Статус: Арахь
Хара дешнаш суна карийна куьйга йаздина, ширделла, мажделла кехаташт1ехь (вайн юртара Балаев Мусас д1аяздина). Д1акхуссучохь ма дац хара кехаташ, аьлла, аса хорш вайн сайтанна т1е дехи. Хьанна а пайденна хиллачи доккхх1ума хетар-кх суна.

№№ Дош Ме1ан
1 1ожа бос сирла-можа бос
2 Алаша д1аюжу говр
3 Алла таь1на-боьмаша бос
4 Анайист латтий, стигаллий хоттаделладогуш санна хеташйолу йист, дуьнен йист
5 Б1анг1ара ший а б1аьрг чучча хьоьжуш верг
6 Б1орзгал вон са гуш верг
7 Баттам жима к1удал
8 Бордаг1а ц1ен-к1айн-1аьржа бос
9 Бошто шо кхаьчна боьрша газа
10 Боьмаша ттаь1на ц1ен-можа бос
11 Боьра шинна а аг1ор басеш а йолуш, чутаь1на меттиг, тог1и (лощина)
12 Бурко т1ехь йовха; тов санна, дуькъа, довха х1аваъ.
13 Бурсанаш юькъа, буьрса коьллаш
14 Васт кеп-куц, сурт (образ)
15 Г1айна тоьгана, тир
16 Г1аккхар аг1ор хьуьйжуш б1аьгаш берг
17 Г1ала стен сай (лань)
18 Г1ама цхьана маь1ница - тур, кхоьчу маь1ница - алах я чах йина жима раг1
19 Г1ап патармаш чудохкург
20 Г1ап ч1аг1онна дина кет1ара ков я ога
21 Г1ап т1еман ницкъаца кечам барца ч1аг1о йина меттиг
22 Г1ина можа-ц1ен, ц1ен-можа месашна хьокху басар (хна)
23 Г1онжаг1а дуккха а д1ассадекъалуш долу некъаш (перкресток)
24 Г1урчо черманан х1оз (обруч)
25 Г1уьнжар цхьа б1аьрг аг1ор хьоьжуш верг
26 Герма патарми чу буьллу бехчалган, я кехатан, я б1ег1аган т1ус
27 Гинсу детин басахь, коча к1айн металл
28 Гоьза дин д1атосу бог1ам (коновяз)
29 Гоьмаг1а, гоьмукъ генна хьалха т1амехь лелош хилла беха цамза
30 Дин т1ехуу говр
31 Дуьттара дог1на тур дит долчу (ирачу) аг1ор дерзош доьг1на тур
32 Жамболат доккха диг
33 Жоммаг1а жима диг
34 Жулар говрана бага юхку гаьлла йоцу дуьрста
35 Заь1апхо къинхегаман хьуьнар дайна стаг (инвалид)
36 Исбаьхьа т1ехь хаза, товш, куц долуш (прекрасный)
37 Йочуна дог1а я ло дар
38 Кес хьаькхначу ялтийтийн бецан мог1а
39 Кхаьнча, лит (литнаш) гулдина ваьшта дехкина кесарш (небольшая копна)
40 Ламаст адамий амал-г1иллакх (обычай, традиция)
41 Лег1ана басе 1ункар йоцу басе
42 Масар ламанан акха бож (горный козел, рогач)
43 Маьхча шичойн (шича) бераш маьхчой бу
44 Мокха т1аь1на-сира, таь1на-сира-1аьржа
45 Овст шо кхаьчн стен газа
46 Огар бежнаша дика юуш йолу, ц1ег1о бос а болу, хаза бос болу к1еда буц
47 Оьс кхаа-беа ц1евнех бина мор
48 Расха ц1ег1о-хьаьрса бос (гнедая (лощадь)
49 Совра сен я говран ц1ока
50 Сорам мерза к1айн орам болу уьшалан буц
51 Сосакх Кавказехь хуьлу ламанан акха бож
52 Сосакхин кортош акхачу бежлойн, гезарийн кортош
53 Т1екаре г1иллакхе валар
54 Тайша боьмаша-таь1на ц1ен, таь1на-1ожа-можа (коричневый)
55 Тикма хьесаца я чилланца тир яккхар
56 Торг1ал къорза етт
57 Торг1ала мог1арчий йолу къорза бос
58 Х1айбат безамехьа, товш, куц долуш, хаза (симпатия, влечение)
59 Ховха к1еда, дег1ана аьхна
60 Хьаьвхье малх ца кхочу, 1индаг1а долу басе
61 Хьоста шовда
62 Ц1инто шо кхаьчна 1ахар
63 Ц1оькъа къорза бос
64 Чанг1алкх елла х1ума юу ж1алин кепара экха (шакал)
65 Чилг1о топ ц1анъеш лело баьхчалг
66 Чукаре вовшийн х1усамашка а воьдуш, вовшашца лелон хьошалла
67 Шага т1уг ц1ена, сирла, к1айн т1уг
68 Шича ден вешин, я ненан вешан к1ант (йо1)
69 Эпсар эскарехь хьаькамин дарж (офицер)
70 Ясакх нахера йоккхуш йолу ял (дань)

 
isa-muslimДата: Шинарин де, 02.11.2010, 11:00 | Сообщение # 2
admin
Группа: Администратор
Сообщений: 453
Репутация: 4
Статус: Арахь
Шай яздан долучо т1етоьхчи кхин а дика хира дара...
 
  • Страница 1 из 1
  • 1
Поиск:

Сегодня нас посетили:

Воьвз-везачуьнга (Посоветовать другу ссылку)