П1ераскан де, 29.03.2024, 12:51
Марша вог1ийла (йог1ийла) Гость | RSS

Йоккха Атаг1а (Старые Атаги)

Ков (вход)
Караде (поиск по сайту)
Сайтан хан (Сайт существует)
Вайга хьоьжу дуьне (География посетителей)
Хенан х1оттам (Погода в Атагах)

Доска объявлений

Главная » Доска объявлений » Вон-дика » Дала геч дойла [ Добавить объявление ]

Миназов Апти, Лечийн к1ант.
Информация | 14.02.2013, 17:12

КАДАМ. Тахана делкъана Атаг1ара хаам бира, шеен ц1ахь-чохь Апти (Миназов Лечи к1ант) сатоссуш д1аваьлла аьлла!!! ДАЛА ЯЛСМАНИ ХЬАША ВОЙЛА ИЗА!

Оьзда а, дог ц1ена долуш а, диканиг вара иза. Ц1ецайоккху цамгаро бала такхийти цуьнга, Москвахь, Тамбовехь а больницехь дарбанаш лийхира цуо. Шай долу дика цунна да г1иртира массо а, Аптица бала берг. Делан 1ожалла тоьлла тахана а!!!

Бирлант шен 4 йо1аца ша йисина-кха, Дала шеен кхинхьетамах ма йоккхийла иза а, цуьнана зудбераш а. Ма хала дуьне дукха хьара, кегий буонашна мухне а. Бирлант ю «учитель младших классов», из а ду дика, цхьа сискал-риц1къанаш леха бахьанаш лело некъ бу иза а. Везачу Аллахь -Дала риц1къаш ма эшадойла царна, берий къа ду-кха.

Апти сунна тохка аьхка Москва больнице веачи гина-воьвзаш вацара, х1етте а цуьна дог ц1еналла дика гуш яра, оьздингалла тамехь яра, лебечу маттаца, охьахаарца, къамелаца гуш йолу ойланашца а оьзда стаг гора. Апти ялсмане хьаша ца хила бахьана долуш вацара аьлла хетта, делахь а, Аллах1 ву дика хууш. Хала хетарца докхха дакъа кхочу шена воьвзаш-везарг велча. Апти валарх халон дакъакхочучарна Аллах1 - Дала иманца собар лойла.

«Оьзда атаг1ой» олуш хилла вай юртана хьалха заманахь дуьйна. Иза еза ц1е кху заманахь ларйеш шен дахарца ваьхначех вара Апти. Цу т1ехь тоьшалла до аса а, генахь суо волундела кху кехат-йозанца.

Абуезид Апаев (Апи Ахьмада Мовлдин во1). 13.02.2013г.

Добавил: isamuslim | | Теги: Апти, Миназов
Просмотров: 2418 | Размещено до: 14.03.2013 | Рейтинг: 0.0/0
Всего комментариев: 0
Добавлять комментарии могут только зарегистрированные пользователи.
[ Регистрация | Вход ]
Антибаннер
Услуги
Купля - продажа, дарение или наследование домовладения или земли требует, чтобы было проведено межевание земельных участков, а также для оформления в собственность земельного участка !!! 
Желающим обращаться по телефону:
8 (963) 989-06-06
Вевза-везачуьнга (Посоветовать ссылку)