БисмиллáхIир рахьмáнир рахьúм
Ламаз ца дечуьнга, ламаз дойтун долу дешнаш
Ассалáму Iалайкум, ва рахьматуллáхIи, ва баракáтухI Сан бусулба ваша, сан бусулба йиша, шуна хаьий дела – Беркате а, сийлахь – веза а ву Иза, ламаз цадечух дIакъаьстина а, Цо и дIатесна а вуй?
АллáхIан элчано – IалайхIис-салáм, аьлла: «Варийлахь, хуъушехь ламаз ма диталахь. Хуъушехь ламаз цадина волу стаг, АллáхIера а, Цуьнан элчанера а къинхетамах а, чIагIонах а дIахаьдда ву хьуна». И бохург Цаьршинца цуьнан дисина цхьá вáзар (зIе) дац бохург ду.
Шуна хаьий, сан бусулба йиша а, ваша а, пайхамара – IалайхIис-салáм, ламаз цадеш волчунна керста ву аьллий?
АллáхIан элчано – IалайхIис-салáм, аьлла: «Къонахчунна а, керстаналлийна а юкъахь ламаз цадар ду».
Хьуна хаьий, ламаз цадеш волу стаг а, зуда а делча уьш бусулбанийн кешнашка дIацабухкий, дIабохка мегаш доций?
Ламаз цадеш волчунна кошахь Iазап муха ло хаьий хьуна? (АллáхIа лардойла вай цунах).
АллáхIан элчано – IалайхIис-салáм, аьлла: «…Вижина Iуьллуш волчу цхьана стагана тIекхечира тхо (асхьабашна шена сийсара гина гIан дуьйцуш. Пайхамаршна гина гIан бакъ ду, вахьйу ду). Цунна тIехIоьттина карахь боккха чIогIа тIулг болуш кхин цхьа стаг вара. Цо и тIулг цуьнан коьрта тIе а буьллий цуьнан корта кагбора. ТIаккха чукарчара и тIулг. Цо воьде и тIулг схьаэцара, юха иза хIокхунна тIевеъча, корта хьалха санна хIумма хилаза карбора цунна. Цул тIаьхьа цунна тIе схьа а вогIе, хьалха ша цунна динарг дора цо цунна. ТIаккха аса элира: СубхьáналлáхI! ХIара шиъ мила ву? ХIокху шимма дийриг хIун ду? ТIаккха Джабрáила – IалайхIис-салáм, элира: Иза перз ламазна набарха сама ца волуш волу стаг ву».
АллáхIан хьаькъашха массарал хьалха жоп доьха дерг а, лорун дерг а ламаз дуй хьаий хьуна, сан бусулба ваша, сан бусулба йиша?
АллáхIан элчано – IалайхIис-салáм, аьлла: «Къематан дийнахь массо хIуманал хьалха шеца лен хьесап ден дерг ламаз ду. И мегаш хилахь, цуьнан кхин йолу Iамал а мегаш хир ю. И телхина хилахь, цуьнан кхин йолу Iамал а телхина хир ю».
Хьуна хаьий ламаз цадеш верг къематан дийнахь фирIовнаца хир вуй?
АллáхIан элчано – IалайхIис-салам, аьлла: «Ламазан гIайгIа еш а, и лардеш а волчунна нур а, билгало а хир ду и къематан дийнахь. Цуьнан гIайга еш ца хилларг, и лардеш ца хилларг, цуьнан нур а, билгало а, хьалхавалар а хир дац и. Къематан дийнахь Къáрỳнца а, ФирIовнаца а, ХIáмáнаца а, Халафан кIантаца Убаййаца а хир ву и».
Хьуна хаьий, ламаз ца дийриг жоьжахатахь бохамаш биначаьрца (преступники) хир вуй?
АллáхIа – ТаIáлá, аьлла: «Массо стаг а ша йиначу (вочу) Iамалан закъалт ду (жоьжахатахь шен вон Iамал бахьанехь таIзар дийр ду цунна), аьтту агIорниш боцурш. (Уьш муьъманаш бу. Уьш цунах хьалхабевр бу). Ялсаманан бошмашкахь вовшашка хьоттур ду цара бохамаш, къинош динчера хьокъехь (АллáхI цхьаъвинарш жоьжахатара арабаьхна шайха схьатоьхча). ХIун бахьана долуш дахийтинера шу жоьжахати чу? Цара эр ду: «Ламаз дечех дацара тхо».
Хьуна хаьий, сан бусулба ваша, сан бусулба йиша, АллáхIа ламаз де аьлла хьайга омра деш дуйла?
АллáхIа – ТаIáлá, аьлла: «Ламазийн а, юккъерачу ламазан а (Малхбуза ламаз) гIайгIа еш а, уьш лардеш а хила, ламазе а хIитта АллáхIана муьтIахь а долуш».
Хьуна хаьий, ламаз пайхамаран -IалайхIис-салáм, дуьненара ша дIаволуш тIаьххьара весет хилар?
АллáхIан элчано – IалайхIис-салáм, аьлла, ша тIаьххьара садоьIуш волуш: «Ламазна, Ламазна ледар ма хилалуш. Шайн карахь болчу лешна а, гIарбашна а (рабыня) дика хилалуш».
Хьуна хаьий, ламаз массо а дикачу хIуманан догIа дуй?
Ибнуль Къаййим аль-Джавзийс – АллáхIа къинхетам бойла цунах, аьлла:
Ламаз: рицкъа тIедáран бахьана ду.
Могшлла ларъеш ду и.
Халахетар, цатам дIакъахкош ду и.
Цамгарш, лазарш дIаэккхош ду и.
Дог чIагIдеш ду и.
Юьхь кIаййеш ду и.
Сина самукъа ду и.
Мало йойуш ду и.
Меженаш жигар еш ду и.
ГIор латтош ду и.
Воккхавевеш ду и.
Сина кхача латтош ду и.
Дог нуьре деш ду и.
НиIмат Iалашдеш ду и.
Бáла бухатухуш ду и, беркат тIедохьуш ду и.
ШайтIанна гена воккхуш ду и.
Ар-Рахьмáнна (Къинхетамечу АллáхIана) герга вáлош ду и.
Массо бусулба нахана а, зударшна а пайда хилар дог дохуш яздина хIара дешнаш.
Сийлахь-воккха а, Лекха а волчу АллáхIан бен ницкъ бац дикачунна тIеверзо а, вочух дIаверзо а.
Шоьгара доIане сатуьйсуш а долуш чекхдоккху оха хIара пайде а, чулацаме а дешнаш.
Васслáму Iалайкум, ва рахьматуллáхIи, ва баракатухI!
Шун бусулба ваша ИбрахIим