Шоьтан де, 20.04.2024, 02:30
Марша вог1ийла (йог1ийла) Гость | RSS

Йоккха Атаг1а (Старые Атаги)

Ков (вход)
Караде (поиск по сайту)
Сайтан хан (Сайт существует)
Вайга хьоьжу дуьне (География посетителей)
Хенан х1оттам (Погода в Атагах)

Тхан яздархой (наши авторы) »
» Иса Балаев


Г1ала, шахьар, г1азкхи, г1алг1азкхи, оьрси, мечк боху дешнех лецна
Г1ала - оьрсийн маттахь "крепость" бохург ю. Ткъа таханна, вай и дош "город" бохучу дашца хийцин. Иза нийса дац.

"Город" бохург вайн маттахь "шахьар" ду, Иорданера нохчаша хинца а иштта олуш ду иза.

Г1азкхи - оьрсаша "казак" олу. Ткъа вайн дай, дуккхох йолу хена, г1азкхишца 1иттабелла бу. Церан юьрташ а хилла вайн юьрташна уллохь, т1емаш а хилла цаьрца, цундера, "оьрси" боху дош к1еззиг даьржина вайн къоман юккъехь.

Г1алг1азкхи - г1алара (из крепости) г1азкхи ву. Г1аланаш т1аман ч1аг1о ян 1алашонашца юттуш хилла. 

Оьрси русский бохург ду.

Охьангахь болчу (равнинные) нохчаша "мечк" олу, хьалар нохчаша "метачка" олу. Хьалар диалектахь и дош герга ду шен маь1аннна. Вайн махкахь баьржина хиллачу г1алг1азкхаша, лерам беш зудчуьнга кхойкхкуш "матушка" олий кхойкхуш хилла, ткъа вай дайшна цара иза шай зударшка иштта кхойкху моьттуш хилла хир ду, цундера, вайна юккъе даьржина маь1на  - "оьрсийн зуда" (русская женщина) ду. 
Къастар: Иса Балаев | Д1аяздина: isa-muslim (21.02.2012)
Хьоьвсина 2144-за | Тегаш: нохчийн мотт, дош, чеченский язык | Тидам бар: 0.0/0



Массо а т1еаларш 0 ду
Добавлять комментарии могут только зарегистрированные пользователи.
[ Регистрация | Вход ]
Антибаннер
Услуги
Купля - продажа, дарение или наследование домовладения или земли требует, чтобы было проведено межевание земельных участков, а также для оформления в собственность земельного участка !!! 
Желающим обращаться по телефону:
8 (963) 989-06-06
Вевза-везачуьнга (Посоветовать ссылку)