Шинарин де, 19.03.2024, 05:01
Марша вог1ийла (йог1ийла) Гость | RSS

Йоккха Атаг1а (Старые Атаги)

Ков (вход)
Караде (поиск по сайту)
Сайтан хан (Сайт существует)
Вайга хьоьжу дуьне (География посетителей)
Хенан х1оттам (Погода в Атагах)

Тхан яздархой (наши авторы) »
» Иса Балаев


Вайн къам махках даккхар
Тхьан дас-нанас дуьйцуш хезна суна. Цунна, шен дас-нанас а, бакхийчара а дуьцуш хезна, нохчий а, г1алг1ай а махках бахарах дуьйцуш.
Иза хилла эзар исс б1е шозткъе доьалг1ачу шарахь, февраль беттан ткъе кхоолг1ачу шийлачу 1уьйранна.
Боьдуш Германа-т1ом а болуш, дуккхох болу божарий т1амехь дакъа лоцуш бар, советан 1эдалан мохк ларбеш, шайн синош д1адала кийча а болуш... Ц1ахь биснарш – баккхий нах, зударий, бераш дара.
Оцу буса, сахиллаца юьртара ж1алеш сингаттаме уг1уш дара, амма, и стенна ду наханна дагахь а дацар… 1уьйранна сатоссучу хена, юьртара урамаш дуьзира совет 1едалан салташа, герзехь боьттина а болуш. Хуьлуш долчух духа ца кхуьуш, бахьан х1у ду ца хууш, вижинарг меттара г1аттавеш, керахь-марахь доцуш, ша мехкан мостаг1ий санна, жима а, воккха а, х1усамехь а ваьккхина, Атаг1а эвла йистехь д1агулвир. Цигахь, йаккхийн машенашна т1е а баьхна, Соьлж-Г1ала д1абигира, цигара – ц1ерпошта вагонашна т1е а баьхна, пана махка д1абигира. Стенга буьгу хууш дацара.
Вагонашна чохь шийла яр. Охьа хаа а, д1авижа а меттиг яцара. Дечиг аннехь, товар д1аскхеха йина вагонаш яр уьш. Кхузара д1адоьлхучу хена, адамаш дуккха долуш, ч1ог1а дуькъа дар цу вагонашчохь, цхьа а парг1ато йоцуш, х1отта меттиг боцуш…
Некъ бахбелир. Шийлонах, мацаллех, цамгарехь некъаца дуккха а нах белир. Белларш вогончуьра арабахийта, ц1ерпошт саца йора, эрна арахь. Сихонца охьа лаьлхий, велларг лаьтта охьа вуьллий, ло т1е хьокхий, къайла ваккха кхуьуш, ца кхуьш..., ц1ерпошт д1айолайале, хьалвала везаш вар. Хьалвала ца кхиинчунна т1е герз тухий эрна арахь вуьтур боху.
Цхьана ненан марахь жима бера дара, шелделла, дагаро хьизош дар и.
- Нана, и х1у г1овг1а ю, сан коьртчу йаьтталуш йерг? Ма нокъа ю суна и…
- Ц1ерпоштан ч1ургаш ю уьш. Х1ицца д1акхочур ду вай, д1акъовла ши б1аьг, д1авиж…
Беро ненан керахь ши б1аьрг д1акъоьвлир…, кхин схьа ца билир...
Цхьана баттахь герга, ц1ерпошт д1акхечир Казахстане. Некъаца дуккха беллера. Д1акхочучу хена, сов т1аьхьа юьззина хила йолу вагонаш, чохь парг1ат йоьвлер…
Тхан денда (Балаев Леча) диъ шо долуш, жима хилла цу хена. Цхьана баракашчу д1атарбина хилла х1орш. Ч1ог1а шийла яра царна чохь...
Т1етаса цхьаъ бен юрг1а дацар. И юрг1а кхаа беранна т1е а тосий, дай, наний дехьа-сехьа хууий, т1е наб туьссуш, са хилунга довлура.
Оцу халонах белларш белла, биснарш бисна, хала а, атта а кхойтта шо делира цу Казахийн махкахь...
Даймахкара хи мелчи дарб дера дар шена, олуш хилла цомгаш волчо. Вайн даймахкара лаьмнашна а, шовднашна а, хишна а, дитташна а, т1улгашна а, бецашна а - моссо х1уманна сагатдина, хеназа къанбелла, тишбеллера баккхийнаш. Цара и дайнмохк дуккха бийцарна, цигахь дуьненчу доьвла берашна а марзбеллера и даймохк...
Делан къинхетам хьалха а баьлла, и кхойтта шо даьллачи, ц1абаьхкира вайниш... Ц1ахь царна карийра, шайн х1усамашкахь 1аш кхоьчу къомах болу нах, х1умма а и ц1енош схьадала рези а боцуш... Мах луш, цаьргара шайн ц1енош схьаийца дийра вайчеран. Йуха а керла дахар долон дийзира церан.

Балаев 1ийсан йо1 Марьям, 7 класс.
Йоккха Атаг1а, 2019
Къастар: Иса Балаев | Д1аяздина: isamuslim (25.02.2019)
Хьоьвсина 5342-за | Тидам бар: 5.0/1



Массо а т1еаларш 0 ду
Добавлять комментарии могут только зарегистрированные пользователи.
[ Регистрация | Вход ]
Антибаннер
Услуги
Купля - продажа, дарение или наследование домовладения или земли требует, чтобы было проведено межевание земельных участков, а также для оформления в собственность земельного участка !!! 
Желающим обращаться по телефону:
8 (963) 989-06-06
Вевза-везачуьнга (Посоветовать ссылку)