Еарин де, 21.11.2024, 17:48
Марша вог1ийла (йог1ийла) Гость | RSS

Йоккха Атаг1а (Старые Атаги)

Ков (вход)
Караде (поиск по сайту)
Сайтан хан (Сайт существует)
Вайга хьоьжу дуьне (География посетителей)
Хенан х1оттам (Погода в Атагах)

Г1арабевла нах (знаменитости села) »
» 1илманан белхалой (деятели науки и образования)


сайт схьайиллинчуьнга
Чем так представлять науку Чечни, лучше не писать ничего. У нас что, этими именами и ограничиваются "Iилманан белхалой (деятели науки и образования)"? Не мудрено, что после таких материалов чеченцев называют чурками.
Айса Идрисович Халидов, доктор филологических наук, профессор, член-корреспондент Академии наук Чеченской Республики, автор 160 научных работ, в том числе 12 книг, из которых 9 - по чеченскому языку.
Бехк ма билла: Интернетехь нохчийн маттахь йоза лелор наггахь бен ца нисдаларна оьрсийн маттахь язди-кх ас, сих а велла. Айхьа сайт а йиллина, нохчийн Iилманчаш бовзуьйтуш хилча, мелла а цIерш юкъа а ялош, церан балхах, кхиамех дерг шуьйро гойтуш хила ца мега? Со-м, хьала а, охьа а, мел дукха белхаш арахецарх, тIе ца лаьцна ваьллера, со воцурш а ма бу вайн, уьш кIезиг а бац.
Къастар: 1илманан белхалой (деятели науки и образования) | Д1аяздина: (22.07.2011) | Д1аздинарг: Халидов Айса (Муса) E
Хьоьвсина 2338-за | Т1еаларш: 3 | Тидам бар: 0.0/0



Массо а т1еаларш 3 ду
1 isa-muslim  
Ас-Салам 1алейкум, лераме Айса (Муса)!
Дов дарна баркалла ду хьуна! Х1ара сайт Йоккхачу Атаг1ан леранна ю, кхузахь буьйцуш берш (Г1арабевлла нах (знаменитости села) ц1е тоьхна къастарехь) беккъа кху юьртарниш бу. Сайтан 1алашо - юрт йовзийтар. Аренца а, чохь а болчу юьртахошна а, хьешашна а Йоккха Атаг1а йовзийта а, цу юьртахь кхиина дика ц1е йаккхийтина нах бовзийтар а, керарчу хенахь долу хьал-де довзийта а, наханна вовшашца з1ене бовла аьтто беш, вовшашна карабайта, х1абар д1а-схьа кхачо а, иштта д1а кхин а
Кхин а ала леар суна. Кху сайтанна т1ехь беш болу болх кхоччуш чекхбаьлла бац. Со таханна а, цхьаццанхьа яздеш, дехарш деш 1аш ву, шайн-шайн х1уург, ала (яздан) долу дик дош кхуза яздахьар бохуш. Дика нах, къонах нах биц бан безаш бац, царех масалла оьцуш кегийрахой кхион безаш бу.
Айса, хьоьга х1ун накъосталла долур дара суна оцу хьокъехь?

2 Халидов Муса  
Ассалам Iаликум, Iиса!
Дов даран Iалашонца яздина-м дацара ас и кехат. Иштта нисделлехь, къинтIера вала. Беккъа цIена атагIахой буьйцуш хилча, ас биллина болу бехк гIеххьачунна тIераболу хьуна. Делахь а. Йоккхачу АтагIара схьабевлла гIарабевлла нах кхин а алсам хиллийла хьуна, ас ца хьехча а, хууш хир ду вукху агIор, сайтехь царах дерг мелла а шуьйра гайта аьтто хилча а дика хир дара. Ахь хьайна хьалха хIоттийна Iалашо вайна пайдехь хуьлчу агIор ю, Дала аьтто бойла хьан цу тIехь!

3 isa-muslim  
Ва 1алейкум ас-Салам!
"Дов" бочу дешан маь1на "ругать" бохург хилла а ца 1а, хьалха заманахь, вайн баккхийчара олуш а хезна суна, "наставлять" боху маь1на а дора цуннна...

Амийн! Дела реза хийла хьуна!

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные пользователи.
[ Регистрация | Вход ]
Антибаннер
Услуги
Купля - продажа, дарение или наследование домовладения или земли требует, чтобы было проведено межевание земельных участков, а также для оформления в собственность земельного участка !!! 
Желающим обращаться по телефону:
8 (963) 989-06-06
Вевза-везачуьнга (Посоветовать ссылку)