Тахана делкъана Атаг1ара хаам бира, шеен ц1ахь-чохь Апти (Миназов Лечи к1ант) сатоссуш д1аваьлла аьлла!!! ДАЛА ЯЛСМАНИ ХЬАША ВОЙЛА ИЗА!
Оьзда а, дог ц1ена долуш а, диканиг вара иза. Ц1ецайоккху цамгаро бала такхийти цуьнга, Москвахь, Тамбовехь а больницехь дарбанаш лийхира цуо. Шай долу дика цунна да г1иртира массо а, Аптица бала берг. Делан 1ожалла тоьлла тахана а!!! Бирлант шен 4 йо1аца ша йисина-кха, Дала шеен кхинхьетамах ма йоккхийла иза а, цуьнана зудбераш а. Ма хала дуьне дукха х1ара, кегий буонашна мухне а. Бирлант ю «учитель младших классов», из а ду дика, цхьа сискал-риц1къанаш леха бахьанаш лело некъ бу иза а. Везачу Аллах1 -Дала рицкъаш ма эшадойла царна, берийн къа ду-кха.
Апти сунна тохка аьхка Москва больнице веачи гина-воьвзаш бен вацара, х1етте а цуьна дог ц1еналла дика гуш яра, оьздингалла тамехь яра, ленбечу маттаца, охьахаарца, къамелаца гуш йолу ойланашца а оьзда стаг гора. Апти ялсмане хьаша ца хила бахьана долуш вацара аьлла хета, делахь а, Аллах1 ву дика хууш. Хала хетарца докхха дакъа кхочу шена воьвза-везарг велча. Апти валарх халон дакъакхочучарна Аллах1-Дала ийманца собар лойла!
«Оьзда атаг1ой» олуш хилла вай юьртана хьалха заманахь дуьйна. Иза еза ц1е кху заманахь ларйеш шен дахарца ваьхначех вара Апти. Цу т1ехь тоьшалла до аса а, генахь суо волундела кху кехат-йозанца.
Абуезид Апаев (Апи Ахьмада Мовлдин во1). 13.02.2013г.
|