П1ераскан де, 19.04.2024, 10:04
Марша вог1ийла (йог1ийла) Гость | RSS

Йоккха Атаг1а (Старые Атаги)

Ков (вход)
Караде (поиск по сайту)
Сайтан хан (Сайт существует)
Вайга хьоьжу дуьне (География посетителей)
Хенан х1оттам (Погода в Атагах)

Коьрта аг1о » 2014 » Май » 19 » Мехкан тезет. Зайнди Джамалханов.
14:58
Мехкан тезет. Зайнди Джамалханов.

Вайн нохчийн мотт вайна массарна а хазбина, 1алашбина, дешерхошна д1ахьахна, шеха дика ц1е йаккхитина д1аваха тахана Зайнди. Шен денош, шераш эрна ца оьхуьйтуш, шена а, наханна а пайденна волуш йаьккхи цуо х1ара дуьненан зама.

1980-г1а шерашках кхиинчу кегирахошна а, баккхичарна а дика дагвог1у Зайнди. Телевизорчохь а, радиочохь а цуо д1ахьора нохчийн маттахь передачаш. Цуо йовзийтур меттан хазалла а, бовзийтур нохчийн турпалхой а. Цуьнан тупалхой майраллица г1арбоьвла ца 1ара, уьш бар хазчу г1иллакхаций, яхь хиларций, деца-ненаца, доттаг1чуьнца, нахаца муьт1ахь, тешаме, комаьрша хиларца г1арбоьвла къонахий.

Иштта, хаза а, ц1ена а мел дерг нахе д1акхачийна, хаза хьехамаш битина д1акхелхи и Зайнди.

Дала цунна гечдойла, Дала Шен къинхетам бойла цунах!

Иса Балаев


 

Категори: Юкъара (Общие) | Хьоьвсина: 2140-за | Д1аяздина: isamuslim | Тегаш: Зайнди Джамалханов



Массо а комментариш: 0 ю
Комментариш декъахошка бен ца язло
[ Д1авазло | Чоьхьавала ]
Антибаннер
Услуги
Купля - продажа, дарение или наследование домовладения или земли требует, чтобы было проведено межевание земельных участков, а также для оформления в собственность земельного участка !!! 
Желающим обращаться по телефону:
8 (963) 989-06-06
Вевза-везачуьнга (Посоветовать ссылку)