Еарин де, 25.04.2024, 13:45
Марша вог1ийла (йог1ийла) Гость | RSS

Йоккха Атаг1а (Старые Атаги)

Ков (вход)
Караде (поиск по сайту)
Сайтан хан (Сайт существует)
Вайга хьоьжу дуьне (География посетителей)
Хенан х1оттам (Погода в Атагах)

Тхан яздархой (наши авторы) »
» Зура Итсмиолорд


Дахаран листара денош Зура Итсмиолорд
Силамах чекхдала г1ерташ зезагах терр дара Небисатан дахар. Бакъдрриг аьлча, иза яра зезагах террра, амма цуьнан дахар ша 1аржа экъан т1ахьа дисна к1айн сизах тарлорк-кх сих-сиха.
Б1аьргин сийнала йовра, кеп-куц хийцалор, г1ора д1адолар.
- Неби, мичахь ю хьо? Хин т1адам ло суна, - г1ийла йистхилар Бекисат шен меттара. Иза йист хилаз ши к1ира дара.

Бекисатан набкхетча сиха шен белша т1е коьртли тосий, к1удал лестош, шовдан йийсте йоьдара йокхохь йолу йиша. Ма ч1ог1а дехар динера нанас ша яллий жимах йолчу йише хьажа аьлла. Ша яла цхьа-ши де хьалха, Маржан кха т1ехь асар деш яра. Цигахь валар нисделлера цуьнан хьусамде. Наха лораш, сий деш стаг вара иза. Дахаран тайп-тайпана киртигаш хьула-кх. Шен рицкъно сизхьакхначух бен ца ле адам. Маджудан онда дег1 карийра зудчун шийла лаьтта техь 1уьллуш. Стигалкъакъарах кхоьраш йолу Маржан ара-м яллера, шен ц1ийнда чуверза хьевелча, ама цьунан валар нисделлера-кх. Иза стелахаьштиго вийнера. Маржанна цу хенахь ца хаьара ша шолг1а доьзалах хьаьрчана юьйла.
Йилбазг1алнаш хьийза йора иза, цкъацца тамашийна денош даьхкича. Паспас яллера иза, дог дукха дуткъа делча. Шурул-к1айн мархаш говран ремнех тарлора цунна. Ойланаш цаьрца шен силдукха везна Маджудан т1ахьа йохийтара йийсан 1аш йолу зудчо. Поппан диттах букъ туххий хиин 1ара Маржан сарралца.
- Нана, со мацйелла, - йоьлхаш х1ийзара кхоъ шо долу Неби. Шен туьтешах тера доллу б1аьрхиш д1асахьоькхара беро.
Шен шийла жммалла ц1а йиц ца лора Маржанан. Йо1 дукха жима йолуш да-нана бердахь чудахан, Шуьйта-г1алан базар даханчохьа, йиссинера ден вешин зудчун хьалха. Хийла яраш юккъахь йижар нисделла цуьнан, гомаш к1орниш дажо яханчара Йокха-Аттаг1ан аренашкахь. Цхьа жима нехчан д1акъа кховдайдой, сискал луш-ца луш, ара йокхара осала дестечу Маржан. Цунна бехк билла сиха ма ло. Хала лай вовшахьбетташ яра иза, дахаран марзо эца ца кхиаш, хьусам да лард йог1а ца кхьууш кхелханер, хенал хьалха. Делан къинхетам боккха бу. Дейтта шо кхаьчча дийнахь маре д1а елар Маржан церан лулахьа хьошал веана Итон-кхаьллар хьерхо вешийн к1анте. Ирча-м вара иза, амма чолакх вацар, онда, товш вара-кх. Шуьйра белш, юткъа г1одаюкъ йоьлаш. Къайленаш йолаш ду-кх вайн дахар, Дала ца делла-кх вайна цера хьулам мичахь бу хаийта. Нийсса итт шо делар Аллахь цу хьусаме доьзал ца луш. Т1аккха, т1екъал кхузза дуьненчу деан бера эхарте д1адоьдуш хан еар. Шина дагахь бара Маджидан гергар нах.
- Ма доккха Далатохар дина цера хьусамна, - олар наха, амма, - Далла дика хуар ду, - олий 1ад 1ар, Маржане болу безам дагалоций. Каде, хаза г1илаккхаш долу нус нисъеллера царна.
Даьсса хабар долуш йа доьвне Маджид вацар, дикан-вон накъост вара г1аддайна йа деэшначарна карош.
- Хьайна зуда ялор ахьа, со ара ца йокхаш, - элира ц1а-шозза Маржанас шен хьусам дега.
Дайна дитар Маджид цуьнна дешнаш. Хаьар, уьш даггара доций. Цу шарахь Жерочуьн аьхке хьееллера. Г1уйренна мажделла г1аш хелхар долийча, шен кийрахь детталуш кхиь са дуй хиира Маржанна.
Чиркхан серлоне шен т1ехь ц1инден б1аьрг сецна тосаделча, йоьхна хьоьвзар зуда.
- Соьга ала хумма дуй хьан? - хаьттира Маджид.
- Цкъачун дац, - г1ийла жоп делар зудчо.
- Хьо реза елахь, хьажа-х1отта г1ур дара вай тхан ден-воша волчу.
Тийна-та1аь1на шиъ хьаж-г1абакх, цхьан иттехь кан аьржа кхоьш кечйийна, т1ера духар хийца дагахь, не1арера сехьа елар Маржан.
- Карх ца делар-кх сан тхан ден веших йисанарг йолчу яха. Ц1а дог1уьш чу дерза мегар дарий вай? - багар дала ца кхиар цуьнна, г1овг1а хезча.
- Ва, Маржан, ков делла. Хьан шичийн нускал т1еэца.
Когаш т1е хутта хан йолаш вацар Хьамзат, амма ша вокха хеташ хир вара-кх иза. Пхийтт шо долу къант кхечуьнга йиллин хан йолуш шайн кхоъ-диъ ц1а дитна ехаш йолу, шел ялх шо йокха йо1 ядийн веанера. Шегар иза д1а ца якхийта йо1ан г1одюьккъера доьхка даьстийна хиллера.
Бехка-м Хазманна бара. К1анте бегаш бора цо: шен 1овдал бегаш, безам буьйцаш, вола-вала ца вуьтташ.
Нускал когаш берзана дара. Йелха ийзайора йо1.
- Вай, Дела. Хазман яц хьара? - аьлла нускал мара доьллира Маржана.
- Суна тешнабехка бина. Сан п1елгара ч1уг ю кхеча к1анте кара йелла.
- Собар де. Иштта хуьлаш меттигаш дуккха бу. Шена езаш ялийна хир ю-кх хьо-м, - хьоьвзира Маржан.
Шен кучан ши пхош схьала озийна, д1а-схьаь х1ажар ц1ийна нана.
- Каде хьовза. Ка йолуш борз ю Хьамзат, - аьлла вела къежаш ара велир Маджид.
- Х1инца кирхьа тосур ду, сан хьоме нус. Вон к1анте ца кхаьчна хьо, Хазман.
- Вай, аса динарг. Ма ца сецар сан батт. Бехке мила ву суна? Вай, Дела, - бохаш тийжара йо1.
- Когабоьхьар охьа а йоссий, т1орк1аз т1е охьаха а, йо1а. Сан кечам бан деза. Хаза докха ловзар дира ду вай. Кега-мерза х1умнаш йоцуриг, вайгахь массо х1ума ю.
- Жима ву иза, хинцаа когаш т1е хоьттина вац.
- Со лолда хьан, Хазман. Зуда езаш хилча, воккха вай из-м. Ма хаза-дика доладийра ду аса хьан.
- Аса-м бегаш борий, иза жима ву моьтташ.
- Шина дагахь хила мегар дац. Дала мукъалахь, ирсен дахар хир ду шу шиннан. Х1инца хьо реза йоьлаш еана алар ду хьун т1аьхь. Доьвне далийта мегар дац хьара г1уллакх, - дикане догдохура Маржанс. - Цкъа-делахь, вайна дов ца оьша, гергалло деза. Шолг1а, хьан кучан пхьарса бат1ийна бу. Сихаллехь, дина хир ду иза. Кхолха...
Геннара тоьпан кхийсарш хезар шин зудчуна.
Хье ца луш т1ахьа-т1ахьа кхийсарш а йира.
- Хьо хьуо ю хьай дахар нисда. Ас дош ло хьуна там-текхам ца бар. Тилор тай кхоор дац аса шуна. Хаз-хазниг лур ду шу шинна.
- Хьо-м яц-те кху балхан бехке? Сийлахь-воккха Дела, хьо тешна ву-кх х1оккха г1улккхан, - мохьбетташ елха йолайеллира Хазман.
Хаалуш кир санна к1айелар Маржан, не1архьа ши зуда, кхоъ боьрша стаг гича.

- Со реза йолаш, бертахь еана, - альча уьш, хье а ца луш, д1а бахар.
Амма ши шо даллий Хьамзат талла ваханчохь вайра, Хазман шен ден-воша волча г1ала 1е д1а яхара шен несарийн когаш къеа хьийза ца лууш. Доьзал Хьамзатан бацар, зуда шозза а доьзалхойха д1вкъастира.остайеллар.

Йочане дара Небисат дуьненчу йеана де. Сарралца стигал йоьлхаш, дог1а деар. Иза Делера хаам хира бара-кх, г1ийла, даимна дуьра б1аьрхишца дуьне даа дезар. Бекисат цулла кхо шо жима яра. Эким заьапан бер дара иза.
- Сол г1адддайнарг - сан йиша ю, - олий г1арранцехь егош йоьлхар Небисат. Т1евог1аш хьаша вац, тхан хьусам г1ийла хеташ.

***
- Нана, суна ч1аба ян 1еман, - аьлла доьхал йедар йо1.
- Дала дукха яха йойла хьо. Сиха суна лийча хи кеч де. Дика яц со. Собар дел. Ас весет до хьога, Бекисатца дика хила. Дола делахь цьунан. Хьоьх тешна юта ас иза, - аьлла, дай шен дег1ахь хи а кхерзиана, кхалхар хилар Маржанан. Дала тоьхна хан д1айаьча, дахаран сахьта соцу-кх. Дика а, вон а шен-шена дуьсса. Шен ц1е йоцург кхи хумма ца дуьсаш, эхарте д1а доьда адам.
Шен ненахилла ирс бен ца хуьлла йо1ан олу вай. Декъазчун ден ц1ер бохург ду-кх иза, дуй?
***
1943-н шеран гуьйре чу йоьрзаш яра.
- Небисат, х1ара мечка вай берашна оьрьсийн мотт 1амор бу аьлла еаа ю вай юьрта. Шу цуьнан накъостий хилла, йа хьара шун накъост хилла х1умма хира дацар теш? 1ьанан даго дечиг хиьлийта хьожар дара тхо, - аьлла юртда веара кхьера каьрта.
- Валя, - аьлла неаъсаг1ера Небисат д1атоттуш чуеллира йо1 карахь цхьа т1оьрмаг а, чамда йолаш.
- Х1арам сан пуьсар деш а яц. Ша шен ден ц1а кхаьчна моьтташ ю, - элар ела а йелла Небисат.
Юртда 1одика ян ца кхиар, оьрсийн эшарш хезча.
Цаьцяьллера Небисат шега хьожуж, хьаьрса месаш шарйеш лаьттащ йолу йо1 гича. Ела къежан цо хаийтира, эшар локхуш ериг патифон юй-ла.
Баш новкъа яцар Валя, шен хеннахьа чу ян хууш яллахь. Нагахь, буьйса юккъе яхча бен чу ца йог1ар. Амма ша х1ейелча боккха шекаран к1ай б1елиг бахьар. Цхьан баттахь Небисатан оьрсийн аббат 1амийра, шен тоалла дешнаш вовшах тухаш яздан 1амийра оьрсийн меттан хьехархочо. Цхьа хума вон дара Сийнаб1аьрги. (Ишта ц1е тиллийра мечкан Небисат). Шен луача хенахь патифон латта йора, Бекисат йижан юй ху1шшех. Берийта шо кхачна пекъар кхи кога ца яхнера, йа дег1 ца даьккханера. Д1абохучуш кхетара йо1, дош хала оллара-кх.
- Дала седа дуьхалнисйойла хьо, - дагаррахаийта ца йоьаш олара Небисат цхан вон хьожа йог1аш мечка чу еача.
***
Сатоссуш г1овг1анаш елара.
- Валя, разбуди хозяйку!
- Тише ты. Она за калекой ухаживает. Ты же обещал не трогать их.
- Ты с ума сошла? Поголовное выселение. Слышишь! По-го-ловное.
- Они же не выживут.
- Тебе не все равно? Зато дом тебе достанется.
- Юра! Юра, о чем ты говоришь? Пожалей калеку.
- Валя, им поможет только их вера. В качестве компенсации отдай им все, что ты можешь. И поторапливайся.
Нана-х1утал санна лаьттара Небисат, шен дег1ахь машийц Бекисат хьарчийна, шега салтийш хун боха ца кхеташ.
- Дорогая, я положила все пластинки. Там продашь патефон, а деньги экономь. Только хлеб покупай. Я положила вам ядра ореха и изюм. Если бы я знала, зачем сюда ехала, то поверь, что предпочла бы умереть под бомбами. Прости, сестра. За все прости.
Студебекар есса яра, салтийчо патифон хьал якхача. Бекисат цхаьна соне д1а а тарйина, патифон кара эцна Небисат охьа хиира шен йишина улло.
Хьалхар Дела орцах ваьлла, Небисат шен йишица д1акхечара Казахстане. Керара ахча кхачийча патифон х1умтоьга чархех хийцира цо. Шен хаа ца хууш Дала цха кормталла елла хиллера цунна. Уггар хьалха шайга хьовса веанна лоьран зудчун коч тийгира Небис, Валяс шен коч йораш гинера цьуна массийтаз. Цом хала ца йорар и, шен тиша коч а йостий.

Марзделла дахаран листара денош,
Хиндолу маркхолан чамбаккха сецаш,
Шовдан хиша кийра ца 1абош,
Куцдаьккхина буьйса хьаста ца кхуьаш.

- Бекисатан каш дитна ц1а ца ялор. Капказе безам лаьтташ къан яллалца когаш теккхий ас Азехь, - дийцира соьга Небис. - Хазманан дакъа ц1а деа ас. Тхоьца 1ар-дахар нисделлер цуьнан.
Шен хьоме йишин кошан барзан латта д1ахьша, шен ден-ненан кешнаш т1е иза даржийна, 1аббалца шовдан хий мелла, Нохчийчохь ша ялар кхоьраш, цха кан латта эцна, б1аьрхиш 1анно кхераш, ц1ерпоште новкъа елла-кх Небисат. Мел деха листа деза цо шен дисан дахаран денош?
Къастар: Зура Итсмиолорд | Д1аяздина: (27.10.2013)
Хьоьвсина 2294-за | Т1еаларш: 1 | Тидам бар: 5.0/1



Массо а т1еаларш 1 ду
1 isamuslim  
Зура, вайн маттахь яздан а ма йолаелли хьо!... Молодец!

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные пользователи.
[ Регистрация | Вход ]
Антибаннер
Услуги
Купля - продажа, дарение или наследование домовладения или земли требует, чтобы было проведено межевание земельных участков, а также для оформления в собственность земельного участка !!! 
Желающим обращаться по телефону:
8 (963) 989-06-06
Вевза-везачуьнга (Посоветовать ссылку)