Караде (поиск по сайту)
Сайтан аг1онаш (Страницы сайта)
Керла суьрташ (последние фотографии)
Сайтан хан (Сайт существует)
Вайга хьоьжу дуьне (География посетителей)
|
Тхан яздархой (наши авторы) »
|
Айза Барзанукаева Кху доккхачу дуьненахь х1ора стеган шен-шен ненан мотт бу. Х1ораннан а Даймохк бу. Ненан маттаца а, Даймахкаца а х1ораннан юкъаметтиг шен даго хаьржинчу кепехь ю. Кхечу къаьмнийл а ч1ог1а ю, аьлла, хетта суна вайн къоман маттаций, Даймахкаций йолу з1е. Иштта дацахьара, вешан Даймахке сатуьйсуш пана махкара ц1а валор вацара вай бакъдуьнене вирзина муьлхха а вешан къоман во1. Кхойтта шарахь сатийсина вайн дай-наноша шайн махке, дай баьхначу лаьтте, шаьш ц1а бирзича, Даймехкан лаьттана барташ баьхна. «Нохчийчоь хьан нана елахь нохчийн мотт синкхача балахь» - и дешнаш ду поэта Бухадиев Мусас аьлла. Цундела баьхна цара х1етахь Даймехкан лаьттана барташ. «Муьлха дезде ду уггаре хаза хеташ, дукха дезаш? – аьлла, хаьттича, дукхах болчара эр ду, аьлла хета «Делан Элча Муххьаммад Пайхамар (с.1.с.) вина де, марханаш лоцу – досту денош, Ненан меттан де. Итт шо сов зама ю вайн республикехь 25-чу апрелехь Ненан меттан де даздеш долу. Шо-шаре мел долу даздаран кепаш сов йовлуш, бес-бесара хуьлуш. Ч1ог1а мехала х1ума ду и. Даздарш чекхдовлу. Т1аккха шеран бисинчу цхьайтта баттахь (дукха хьолахь) хин тулг1е лахъелча х1уттуш йолу тийналла санна, «тапп» олий ненан мотт а, цуьнца йоьзна йолу проблемаш а тийналлин йийсарехь юьту вай. Дахаран «ц1ерпошт» социйла йоцуш д1айоьду, юхахьовса вай лара а ца до. Аса дукха ойла йина: тхо кегий долш, Советан 1едал ч1аг1делла долчу хенахь, ненан мотт 1аморан хьал х1инцалерачух тера х1унда дацара теша? Х1инцалерачул кхин сов даьхна школьни программица сахьташ а дацара. Цул сов, дукха хьолахь ненан маттахь переменехь а къамел дар дихкина дара. Бакъдерг аьлча, тхан Йоккха Атаг1арчу школехь и эрчо яцара. Х1етте а ненан мотт бийца а, цу маттахь нийса яздан а хаьара. Цкъа а бицлур бац ненан матте марзо кхоьллина хьехархой – Витушев Сулиман, Умхаев 1амади, Экаев Сулиман. Бакъдерг аьлча, х1инцалера кехатийн «барз» ца хуьлура школашкахь. Хьехархочуьнгара оьшуш дерг цхьаъ дара: дешархойн хаарш хилийтар. Ткъа х1инца оцу мискачу хьехархочуьнгара ца доьхуш кехат дац. Оцу кехаташца бустуш берг «болх», аьлла, х1ума ду. Лаккхара дешар дешна боцу тхан дай – наной ондда «г1ортолаш» хуьлура хьехархошна. Ткъа х1инца дай – наной я гуш а бац, я хаалуш а бац. Бакъду, халонаш лайна вай. Шина т1амах а девлла. Цул т1аьхьа хан зама а яьлла. Сибрехахь даьккхина 13 шо а ма дацара х1умма а атта. Нохчийн мотт хьехаран хьелаш гуттар а хилла къен. Х1инца-м мелла а, х1уъа а зорбане а яьлла. Нохчийн яздархойн книгаш а ю алссам арахоьцуш. Нохчийн классикийн ц1ерш, церан произведенеш йовзийтина ца 1аш, керла чкъурах болу яздархой а бовзийта беза дешархошна. Бакъду, урокан сахьташ тоьар дац цу балхана. Школьни кружокаш а, факультативаш а ю цу балхана д1аяла мегар долуш. «ЕГЭ» - аьлла, орцанан мохь бер бу дай-нанойн а, хьехархойн а. Со царех кхета. ЕГЭ а дера ю. Цунах цхьа вер а ма вац. Оцу ЕГЭ-хь экзамен луш йолчу предметийн шайна д1аделла сахьташ ду. Г1од-юкъ йихкина урокан заманахь къахьегчахьана д1анислур долуш х1ума ду иза. Ткъа вай дуьйцург – цкъа а довр доцу, х1аваъ санна, оьшуш дерг ду – кегийрхой кхетош-кхиоран (воспитательни) болх бу. Ненан маттаца йолу уьйр классал арахьара болх бичий бен ч1аг1лур яц. Цу маттаца доьзна ду вайн къоман мел долу х1ума- башхаллаш, г1иллакхаш, 1адаташ. Ала дашна, Нохчалла бохучу дешан к1орггера маь1на ненан маттахь бен достур дац. Ненан мотт тахана вайгара г1о оьшуш бу. Х1орамма а ша-шега хаттар делча «Суна х1ун делла ненан матто? Аса х1ун дина сайн ненан маттана? «Х1ун жоп даллур дара вайга? Вай эр ду «Синкхача бу». Матто эр ду: «Буьйцучара со х1аллакбеш бу». Дан а ду иза иштта. Къоначара а, баккхийчара а шайна ма хетта буьйцу ненан мотт. Хьехош ерш диалекташ яц шуна. Аса дуьйцург – легаран чаккхенаш, классни гайтамаш, цхьана а кепехь доцу дешнаш ду. Мел дукха х1ума ду нохчийн матах «худар» деш дерг. Советан 1едалан хенахь телевиденехь билгалъяьккхина эфирни хан яра передачаш оьрсийн а, нохчийн а маттахь еш. Цхьанне а (!) йиш яцара оьрсийн меттан редакцис кечйина передачехь нохчийн мотт юкъабалон, ткъа нохчийн маттахь йолчу передачехь оьрсийн маттахь х1умма а ала ца мегара. Иза нийса а дара. Т1ера духар санна оьзда хила беза мотт. Муьлххарниг. Меттан оьздангалла (культура речи) хила еза. «Хьапар-чупар» деш хила мегар дац, аьлла хета. Х1ара мог1анаш яздале, нохчийн меттан цхьаболчу хьехархошца къамел хилла сан. Цара аьллачунна т1едоьг1на ду аса дуьйцург. Хьехархошка хиттина аса: «Шуна «Литературная Чечня» ц1е йолу баттахь цкъа арайолуш хир ю аьлла керла альманах гиний, ешний?» «Ца гина, ца ешна», -дара жоп. Уггар ч1ог1а хьехархошна оьшу цу тайпана керла х1ума. Мел дика хир дара цхьацца экземпляр мукъне х1ора школан библиотеке кхаьчнехьара, хьехархоша цунах пайда эцнехьара. Нохчийн меттан хьехархошкара хиъна суна цхьа керла х1ума. Х1инца юкъадаьккхина ду предложенин кхоъ коьрта меже ю бохург. Цунах цецъяьлла со. Дешархошна и ницкъ х1унда бо? Нийса кхачам олуш йолу предложенин коьртаза меже ша ма-ярра 1ад х1унда ца юьту? И доцург а ма дукха дара ненан мотт «астаг1а» а ца хуьлуьйташ цуьнга шерра «болар» дайта. Муьлхха а книга арахоьцуш корректоро толлу цу т1ехь г1алат ду я дац. Нохчийн меттан учебникаш т1ехь шортта г1алаташ ду, бохуш, дийцира соьга хьехархоша. Иэс – оьрсийн маттахь «память» ю. Мотт – халкъан иэс ю. Халкъан синкхача бу. Т1аккха иштта олийла ду вайн: «Мотт – халкъан СА долу («живая») иэс (память») ю. Цундела х1ораммо а ша-шега хатта деза: «Соьга х1ун дика далур дара сайн ненан маттана?» Денбеш, ларбеш, лоруш кхиабей вай вешан нохчийн къоман ненан мотт?
| |
Хьоьвсина 3700-за | Тидам бар: 0.0/0 |
Массо а т1еаларш 0 ду | |
[29.12.2021] | |
[29.12.2021] | |
[29.12.2021] | |
[25.02.2019] | |
[13.02.2019] | |
Мутушева Мая – первая чеченка-врач |